Гуьйре

Аза Атагинская
Мархашлахь малх лечкъош,
Хьажйуккъе шад х1иттош,
Цецан чохь хи кхоьхьуш,
Гуьйре йу йорт йетташ.

Наж лаьтта ц1ийделла,
Таьллан коч мажйелла.
Варкъ дуьллуш, къагийна
Дакх, къахк цуо кечдина.

Селхана баьццара
Аренаш лаьттара.
Дешица тахана
Гуьйрено кхелина.