Дех къастар

Хасан Маерсултанов
Дада аьлла мохь ас тоьхча,
Х1ун боху олура ахь.
Сингаттам, хало т1е еъча,
Хьекъалла дешнашца хьостура ахь.

Ма ирсе вара со, хезаш хьан аз а,
Ма дагна парг1ато луш хиллер ахь.
Хьекъалца, леларца, массо а хьолехь,
Ма даккхий масалаш хиллера хьохь.

Дависа, лааркха, хан юха ерзо,
Лааркха сий долу йуьхь сибат ган.
Ца эцна марзоно мел боле луьйцу,
Ма к1еззиг хиллер ас хьоьц яхьна хан.

Дада аьл мохь ас х1инца а тоьхча,
Хьалх санна, х1ун боху ца олу ахь.
Хала ду хьан кош т1ехь даггара дийца,
Даг вала Да воцуш, хедда сан т1ам.