Сийлахьчу Макка

Петимат Абубакарова
Аллах1ан ц1а долчу- сийлахьчу Макка
Кхечи тхо Юха а Хьаьж-1умрат дехка...
А`даман зурйато шен гуонаш дохуш,
Аллах1ан и еза ц1ераш ю йохуш.

Я Аллах1,Хьо Цхьаъвар ч1аг1дечу нехан
Тоба го,дуьненахь денна совйюьйлуш,
Ца хедаш, схьахеза  до1анаш деха...
Дарбане Замзаман шовда ду муьйлуш.

Алхьамдулиллах1и, Хастам бу Далла,
Бес -бесара кьаьмнаш гулдарна,цхьаъдеш.
Субхьаналлох1и,Ц1ена ву Аллах1,
Дуьненахь толорна,Ислам-Дин бакъдеш!