Доттаг1аллин кхачам ца хуьлу

Хасан Маерсултанов
Цхьан хенахь доттаг1а вара сан,
Олуш сайн аренца хезча.
Ма эрча сурт дара дагчохь сан,
Доттаг1а хуьли теш, заманца вуьстича.

Доттаг1и барам хьо ма г1ерта кхардо,
Хан зама яларах, и д1а волуш вац.
Баккъалла и велахь, хьан дега доттаг1а,
Велчи хьо, хьан каш а цо тосур дац.

Хан зама д1а г1ур ю, хьо тиш веш, къан веш,
Доттаг1чун ца там беш меттиг хир бу.
Хир буй теш, и ца там, цо лууш бина,
Дер хир бац, доттаг1ин даго и геч дийр а ду.

Кхоьру со доттаг1чун марзонах хада,
Хууш, я ца хууш дог 1овжо кхоьру.
Хаалахь доттаг1а, хан зама яларх,
Сан деган даржехь хьан, берч меттиг ю.

Сийлалин барам хьан, буста со воьлча,
Кхоьру со барамехь лахар мах хадо.
Доттаг1а, хаалахь, сайн дуьне  делча,
Дуьненан мехал ас хьан мах бу хадор.