Хьасан туркаев

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

ХЬАСАН ТУРКАЕВ

Сан Даймохк,  ахь лайнарг доьзале дуьйцуш,
Йахь йолу къонахой кхиийна дас,
Вайн къомах схьабевлла сийлахь нах буьйцуш,
Царах цхьаъ билгалвеш вовзуьйту ас.

Харцонца тиллина  къоман ц1е хуьйцуш,
Бакъонаш кхайкхайеш лелла ву и,
Шен къоме боьссина бала  а буьйцуш,
Ма хуьллу айъи цо вайнехан  сий.
 
Г1ум -Азе лаьхкича, махках а дохуш,
Герз дина 1илманах дуьхьлонаш йеш,
Къийсамаш латтийна толамаш бохуш,
Лаккхарчу кхиъмашца шен белхаш беш.

Йиц ца луш къизалла махкаха дохуш,
Дош делла, ца йайта нохчочун лар,
Хьанал къа хьоьгучу къомах ву ! - бохуш,
Нохчийн къам даьккхина дуьненна г1ар!

Вайн къомах дуккха бу турпалхой бийца,
Мулххачу хенаца уьш хилла бу,
Ас  вуьйцу къонаха, хьакъ хилла вийца,
Г1арваьлла 1илманча Туркаев ву!

Хьасана, шен белхаш къаьмнашлахь даржош,
Сада1а ца кхеташ, хьийгира къа,
Нохчочун сирла ц1е дегнашкахь йаржош,
Дашочу элпашца
йазйайти  д1а.

Турпалхо схьаволу турпалчу къомах,
Йахь йолчу дас-нанас кхиаво и!
Къар ца луш волу и ворх1азза ломах,
Хало ловш лардо цо шен мехкан сий.

Вахалахь дуккха а, йахь йолу къонах,
Кхин д1а а бовзуьйтуш вайн къоман мах,
Ахь бина  цхьа а болх бац хьуна борах,
Дебийла махкана хьо тайпа нах!

20. 08. 23ш.