Хьомечу вешина лерина

Петимат Давдаева
Дуьненан йиъ маь1е со кхочур яра,
Сан ваша, хьан аьтто сай карахь хилча,
Дахаран бакъонаш ас толлар яра,
Нийсо хьоь кхача я ницкъ болуш хилча!

Хьан ирсан тептараш ас язор дара,
Кхолламаш кхолларан дакъа вайхь хилча,
Уггаре хаза дахар хьайниг хир дара,
Хьан йишин куьг кхочехь рицкъанаш хилча.

Хьан ц1ена дог-ойла, камаьрша амал,
Адмаллехь г1иллакх а, оьшучехь забар,
Дерриге  диканиг ду  ц1енчу   сица,
Амма хьо собарца вустуш ву х1инца.

Дуьненан Да вериг, дахаран Дог1а,
Ницкъ болуш ву массо хало юх тоха,
Цундела Аллах1ер хьун орца доьхуш,
Воьху хьо,сан ваша,нийсонгахь лоьхуш!

Дуьненан йиъ маь1е ца г1ерташ кхача,
Дахаран бакъонаш  ас  тесна  йитна,
Хьан ирсан тептараш яздар ду эрна,
Уьш Сийлахь волчо Ша яздин шен хенна.

Со кхетта, карахь яц дахаран хенаш,
Ца оьшу дахка вай г1алатийн некъаш,
Цу Деле д1авелла, сайн ваша воьхуш,
Ас йоккхур йисна хан, дикнаг цун доьхуш!

08.11.23г.