Маржа гуьйре

Петимат Давдаева
Ненах къаьстан бера санна,
тийжаш йог1у вайна гуьйре,
Махках ваьлла къонах санна,
толлуш лела дерриг дуьне,
Суьрташ дохкуш,сибташ тадеш,
массо бешахь беснаш даржош,
Хазалла  йойзарг сама воккхуш,
маьлха дуьне серла доккхуш!

Ишта кхочу вайна гуьйре,
аьхкен йовхо шеца йохьуш,
Г1адожаран тойне денош,
мела дог1а делхорца хаздеш.
Гуьйре! Маржа, хаза гуьйре,
 хьо ца езарг цхьа а вуй-те!
Хийла байташ хьуна язъеш,
 д1аихнараш,хьо гуш буй-те!

Хир вуй цхьа а ахь 1ехонза,
 хьан хазаллех б1аьрг бузанза,
Хьан ц1еналлех банза къурд,
 дог1уч дог1не яккхаз г1улч.
Марша я хьо, хаза гуьйре,
хазъеш тхуна массо суьйре,
Х1ора х1усме бохьуш барт,
махкан маршо йохьуш шорта!

10.11.23шо