Парг1ат зама

Аза Атагинская
Махка йеъна тахна парг1ат зама,
Меттах1иттий к1отарш, йарташ, г1ала,
Дендеш мацах кхузахь хилла дахар.
Мехкан доладеш декхар ду даха.

Тесна лаьттар йац кхин шира б1аьвнаш.
Маьрша Даймохк денна кхуьуш лаьтта.
Къонахий бу мехкан дуьхьа бецаш,
Халуо хиларх собарца уьш лаьтта.

Кхочуш хир ду сатийсинарг дайша,
Ломан басехь гуш ду дежаш даьхни.
Лерса хьоьстуш  дека берийн аьзнаш.
Йуьртахь хаалуш йу к1уьрийн хьожнаш.

Некъан хало  йицло лома кхаьчча.
Мехкан сибат денна хазлуш лаьтта.
Керла амат гуш ду кхузахь х1инца,
Беъна кхуза замано шен хийцам.

Азман Джабраилова