Кхо х1ума!

Муса Вольф Айдамиров
Малх хьаьжначу сан сатийсаман лаг дуг1у,
Дог  дахар а хьостуш, зазадаккхаран кхана,
Хийцаман горгали бекий хьоьжуш ладуг1у,
Хиллачунна  а долчунна а  ойлане а вахана.

Декхаза а чолакха а хуьлу, кхо х1ума дайча,
Йахь а эхь а  собаралла а, кхио  деза  денна,
Уьш вастаца доьзна а доцуш, синтем байча,
Бен ца хета х1уъа, синхьежам бов кханенна.

Аьхка хье ца кхихкича, 1ай йай а ца кхоьхку,
Бохуш, бахам ца лоьху къийваларх кхоьруш,
Хьацарш а дохуш дег1  д1а-схьа а ца лоьхку,
Хьолахой а бац, дукха болх бина сакъоьруш.

Дуьненахь оьшург цхьацца бахьана лелийча,
Кхолламо доьг1на рицкъ ша а  суна охьаоьгу,
Дан дезарг мало а йеш, кханенга ца диллича,
Жимма хьуьнар делахь когаш а къа ца хьоьгу.

Кхо х1ума ду, д1атилича кхин йуьха ца дохуш,
Сийно а  хено а дашо а, 1арч  духа ца  дерзадо,
Ч1ог1а оьшу кхо х1ума а дахар серла доккхуш,
Маршоно а тешамо а  дикалло а дуьне  марздо.

Дуьненчохь  х1уъа каро мега, схьалеха воьлча,
Ирс а безам а аьтто а боху кхо жовх1ар доцург,
Меллаша, билгал а воккхуш, цхьа зама йоьлча,
Шайн караво царна шаьш лаха 1алашо лоцург!  (С) 01.04.24.