4 ан-Навави

Ваха Докаев Шалавдиевич: литературный дневник


4-г1а хьадис. (40 хьадис ан-Навави)


Абу Абдуррохьман Абдуллах1 бин Мас1уда аьлла:
Дела элчано элира тхоьга, делера салам маршалла хуьлда цунна, ша бакъонт1ехь болчарех уггар бакълуьйшверг:
"Боккъалла а, шу х1оранни кхолладалар шен ненан кийрахь хуьлуш ма ду:
Шовзткъа дийнахь "нут1фан" т1адам хьесапехь,
Цул т1аьхьа кхин а оццул хенахь ц1ийн тачан хьесапехь,
Т1аккха цул т1аьхьа кхин а оццул хенахь дилхан потт а хуьлий;
Т1аккха цунна т1едоийта Малик, цунна са чудилла "х1упп" аьлла.


Цунна (маликна) омра дина диъ х1ума а т1еязде аьлла:
Рицкъ ( адаман),
(Дахаран) доза,
Цуьнан 1амалш,
Ирс долуш хир ву и, я дакъаза вер ву и, аьлла


Аллах1аца дуй ма буу аса, Ша воцург кхин дела воцчу, шуъ муьлххачо а 1амалш ян мега ялсане охлунна, дол диллал меттиг йиссалц цу ялсамане чу ваха, -
Цул т1аьхьа цунна хила яздинарг кхочуш хир ма ду - т1аккха иза ц1еххьана жоьжаг1ате охланан 1амалш я волалур ву - цу жоьжаг1ате чу валлалц!!
Иштта, боккъала а, шух муьлхха а жоьжаг1атен охлан 1амалш еш хира ма ву, дол диллал меттиг йисссалц цу жоьжаг1ате чу ваха - цул т1аьхьа цунна хила яздинарг кхочуш хир ма ду - т1аккха иза ц1еххьана волалур ву ялсаманен охланан 1амалш я - цу ялсамане чу валлалц!" Хьадис дийцинарг аль-Бухари 3208, Муслим 2643)



Другие статьи в литературном дневнике: